…в любом государстве есть своя мафия, но только на России у мафии есть свое государство

Башха цхьанна а оьшуш йац? Къилбаседа Кавказ интересе йуй Американа

Мила ву Къилбаседа Кавказехь къаьмнашна йукъахь гамо латториг, муха луьстур ду чергазийн хаттар, Кавказан къаьмнашна тIехIуттур йуй-те Америка церан маршоне гIертарехь – хIара а, кхиндолу а хеттарш дийцаредира "Кавказан хроника" подкастехь историко Вачагаев Майрбека а, Американ Къилбера Иллинойсан университетера политологин доцента Дзуцати Валерийс.

Дзуцати Валерий — Къилбаседа ХIирийчуьра схьаваьлла. Къилбаседа ХIирийчоьнан пачхьалкхан историн бакалавр, Мэрилендан Университетан пачхьалкхан политикан магистр а ву иза. 2009-чу шарера схьа дуьйна кест-кеста дуьйцу цо Къилбаседа Кавказехь хуьлучух The Jamestown Foundation организацина. 2017-чу шарахь Аризона штатан Университетан политологин докторан дарж кхаьчна цунна. Карарачу заманчохь Къилбан Иллинойсера Университетехь кхайкхина вигина политологин доцент санна болх беш ву иза. Шен талламан белхашкахь дуьйцу цо къаьмнийн а, динан а конфликтех, политикаца доьзна ницкъабрх, Оьрсийчоьнан а, Европан, Азин пачхьалкхийн эволюцех а.


Дзуцати Валерий

– Къаьмнийн йукъаметтигех лаьцна аьлча, Къилбаседа Кавказана кхечу дуьненан пачхьалкхаша Iаткъам бо олийла дуй?

– Суна хетарехь, дуккха а чоьхьара бIостаналлаш ду. Адамаш лулахь дехачу заманчохь, цхьацца цхъаьнацадараш хуьлйила йу. Хила йиш йолу хIума ду и, цецвийла а ца оьшуш. ЛартIахь доцург ду – и бIостаналлаш йукъара дIадаха дика кепаш цахилар. Кавказехь гуш а долуш, цкъацкъа девнашка йоьрзу уьш. Дуккха а чоьхьара цхьанацадараш ду, наггахь царех пайдаоьцу арахьара ловзучу наха. Оьрсийчоь (Москва) – иза арахьара ловзархо ву, цхъана агIор. Кхечу агIор аьлча, Къилбаседа Кавказ Оьрсийчоьнан дакъа ду, цундела арахьара ловзархо цунах ала хала ду цхьана маьIнехь.

Даим а санна, Оьрсийчоьно ловзадоху цхьа къоман картанаш, Москвара Iедал меттаххьайча, йа Къилбаседа Кавказехь цхьа кхерам хаалахь.

Иштачу меттигашкахь шен интересашкахь меттигерчу цхьаьнацадарех пайдаэца ойла хуьлу. Аса эр дацара, Оьрсийчоьнел арахьарчу цхьа кхинболчу ловзархоша Къилбаседа Кавказехь цхьаъ лелор дара аьлла.

Суна иштта факташ йевзаш йац. Меттигехь барт цахиларх пайдаоьцу арахьара цхьа ницкъаш бу бохуш, Москвахь дийцарш деш хазахетахь а. Суна хетарехь: Оьрсийчоьнел арахьа кIезиг бу Къилбаседа Кавказ дика йевза нах. Оцу говзанчашна дIоггара хууш дац цигахь билггал хуьлуш долчух. Регионна тIекхочийла дац церан, цигахь цхьа баккъал а талламаш дIабахьа.

– Дукха хан йоццуш Нохчийчохь хилира америкахойн хилла морпех-талламча Риттер Скотт(Scott Ritter). Цо дIахьедира, махкахь хилла ший а тIом ЦРУ-но баьккхина бара аьлла.

— Беламе хIума ду и, массо а хуьлуш дерг ЦРУ-н, Малхбален бехкана ду бохург. Проблема стенца йу хьуна аьлча, вайна ца девза цхьа а историн тоьшаллаш ду. 1944-чу шарахь Сталина махках бехирий нохчий а. гIалгIай а? Бехира. Оцу тIехула нах белирий? Белира. Уьш цIа баьхкича, церан гIаланашкахь кхин къаьмнаш дIатардинера. Соьлжа-ГIала оьрсийн гIала йара. Дискриминаци йара. Йоллу и проблемаш гулло. ЦРУ-н хIун бехк бу? Цкъа хьалха Советан Iедалан, цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан Федерацин чоьхьара проблемаш йу хIорш. ЦРУ-на бехкаш дахкар нийса дац, суна хетарехь.

Дуьненчохь йанне а йац дерриг а дан ницкъ болуш, шайна хеттарг дийр долу къайлаха сервисаш. Схьаоьцур вай ЦРУ. Вайна хаьа, США-н хонах йолчу Кубан куьйгалла дохон гIиртира уьш, йоллу Америка, шен болчу ницкъаца дуьхьал тасайелира, амма Кастрон рожана дуьхьал хIуммаъ ца далуш йисира. Оцу йуккъехула Кавказехь тIом муха баккхалур бара цаьрга? Муха? Оццул кIезиг долу хIума, США-на уллора режим хийца ца йелла хилча.

Оцу америкахочо хи Iенадо Оьрсийчоьнан пропагандистийн машенан хьерана тIе, цо гуттар а йоллу проблемаш арахьарчу цхьана мостагIашна тIетуьтту.

Йеккъа Оьрисйчоьнан пропаганда йац хIара, кхечу режимаша а леладо изза. Чоьхьара аудитори бертахь хилийта хьийза уьш. Къаьсташ мел берш мостагIех дIа а тухуш.

– Дуккха а чергазийн сагатдо хеттарша: "Малхбузенан интерес муха меттахйоккхур йара-те? Чергазийн хаттаран йист муха йоккхуьйтур йара-те цаьрга?" Дуьйцург ду, оцу къомана йина геноцид къобалйайтар, шайн дай баьхначу лаьттахь баха царна бакъо йалар, Чергазийчоь пачхьалкх санна йухаметтахIоттор.

—​ Дика хаттар ду. Амма сан цунна жоп дац. Сайна хууш хилча, жоп лур дара аса. Амма сайна хетарг эра дара аса. Хууш ма-хиллара, статус-кво латтайо малхбузен пачхьалкхаша. Шайгара хьал мегаш ду царна, цIеххьана хIуммаъ а хийца дагахь бац уьш. И гуш ду Украинерчу тIамца а. ГIо деш ду, амма вайна ма-хеттара доккха гIо дац и, Украине контртIелатар а дойтуш, катоьхна оьрсийн эскарш шайн дозанаш тIера арадахийттал.


Черкессин байракх

Вайна гуш долу хIуманаш товш ду Малхбузена. ХIунда? ХIунда аьлча, царна уьш мегаш хетарна. Черкесина тIехула, йа цхьа кхечу дозана тIехула цара шайн Оьрсийчоьнца йолу йукъаметтигаш йохор йац. Цунах кхетархьама, тоаме ду вайна Нохчийчохь хиллачу шина тIаме а, Малхбузена цуьнца бала хиларе а хьаьжча. Царна дика ца хетара хуьлуш дерг: тIом, цIийн Iенор, кхин дерг… Амма Оьрсийчоьнца шайн зIенаш ца йохорхьама, царна кхин хIуммаъ ца дира. Суна хета, иштта хир ду церан Черкессица дерг а.

Амма Оьрсийчохь гамбелла, Оьрсийчоьнан Федераци йохахь, мацах Советан Iедал а санна, тIаккха ша ду. Дукха хьолахь дуьненан йаккхий пачхьалкхаш тIетов де-факто долчунна.

Чергазошна сан хьехар иштта хир дара: хIуммаъ ца деш, чергазий куьйгаш охьа а дахийтина Iен беза бохург дац и сан. Дуьненан йаккхий пачхьалкхаша дерриг а деш хилча, хета, чергазаша хIуммаъ а дан ца догIу аьлла. Цхьана дикане а хьоьжуш Iен беза. Амма вайна гуш ду, чергазаша цхьаъ лелош дуйла. Дуккха а нах вовшахбетташ баккхий цхьааллин барамаш хIиттабо цара. Оцу кепара барамаш хIиттор чIогIа оьшуш ду аьлла а хета суна. ХIора шарахь дIахьош чергазийн байракхан акци йу, оцу декъехь а кхин цхьа керла хIума йукъадаккха дезара аьлла хета суна. Керла идейш оьшу.

Вайна массарна а дагадогIу, СССР йохале хьалха Балтин мехкаша дуккхаъчу нахах дийна зIе кхоьллина. Кхаа пачхьалкхан боллу бахархой аьлча санна цу йукъахь дакъалоцуш бара. Суна хетарехь, Кавказехь къаьсттина маьрша дуккхаъ нах вовшахбетташ акцеш дIакхехьа йеза. Черкесаша дIайаьхьна ца Iаш. Историно гойту: шайн бакъонаш къийсарехь уггар а пайден хуьлу маьрша акцеш.

 Украинехь хуьлуш долчуьнца доьзна, Оьрсийчуьра кегийчу къаьмнаша къаьсттина дукха дуьйцу мобилизацих. Оцу кегийчу къаьмнаша оццул сагтадар стенна ду? Мобилизаци къеста а беш, йеш ма йац.

– Суна ца хаьа, соьгахь и зераш дац, масала, Йуккъерчу Оьрсийчуьра адамел а алсам Кавказера нах мобилизацина сагатдеш бу аьлла. Делахь а суна дагадогIу, стохка хаттам бинчу хенахь гучуделира, федералан гонашкарчул а Украинера тIом бакъбеш Кавказера нах кIезиг хилар. ЖамIаш зорбане дехира Оьрсийчоьнан хаамашкахь. Суна хетарехь, Оьрсийчоьнан пропагандех дукха нах бац Кавказера тешаш. Цаьрга кхочу информаци дукха хьолахь пачхьалкхан хаамашкара цахилар ду иза, кхечу хьасташкара кхочу царна. Телехьожийле уьш кIезиг хьуьйсуш хила а тарло, дукха хьолахь вовшашца къамелаш а деш.

 Украинерчу тIамца доьзна шайн "декхарш" Къилбаседа Кавказан регионийн куьйгалхоша кхочушдина олийла дуй? Шайгарчу даржашкахь кхин дIа а уьш буьсур бу ала йиш йуй?

– Суна ца хаьа, шайн тIедахкарш цара мел кхочушдина. Хууш ма-хиллара, мобилизаци къайлах дIахьош йу. Цуьнан жамIаш тIаьххьалц кхеташ дац. Тарло, Къилбаседа Кавказера цхьахйолчу регионийн куьйгалхой Путинан Iаьржачу тептаре баха а. Вуьшта йуккъерчу барамехь аьлча, йоллу Оьрсийчохь тIамна дуьхьал дош аьлла вац цхьа а регионан куьйгалхо. Царна кхин дIоггара проблемаш хир йу аьлла ца хета суна. Украинера тIом боьдучу йукъанна, суна хетарехь, хьал цхьана эшшарехь латтон хьожур ву Путин. Регионан урхалхочо цхьанхьа кхин йоккха ледарло шегара ца йалийтинехь, иза шен меттахь вита хьовсур бу. Цунна хIуммаъ а хир дац.

Амма Кадыров – цхьа къаьстина хьал ду. Хала ду цуьнан хиндолчух дерг ала. Пригожин веллачул тIаьхьа дуккхаъчара дийца долийра, рогIера кандидат хила тарло Кадыров Рамзан бохуш. Хууш ду, ФСБ-н Кадыров бIаьргаван ца веза, цуьнца йист йаккха гIорта там бу уьш. Хала ду ала. Дуккхаъдерг доьзна хир ду Украинера тIом Оьрсийчоьнна кхиамца йа эшамца дIагIур хиларца.

 ХIун аьлла хета хьуна, Оьрсийчоьнах дIакъаста луучу Къилбаседа Кавказан республикашна США-с гIортор хир йуй? Вашингтонехь лакхарчу политикашлахь цунах лаьцна хIуммаъ а дуьйцуш а дуй?


США-н байракх Конгрессан гIишлонехь

—​ Суна хууш дац, Американ политикийн Къилбаседа Кавказехьа цхьа къаьстина позици йу аьлла. Сан кхетарца, йоллу терго Украинан тIехь латтош йу, цундела Къилбаседа Кавказ шолгIачу йа кхоалгIачу тIегIанера хаттар ду Американ политикехь Оьрсийчоьнца доьзна. Коьртачу дакъошка кхана Оьрсийчоь дIайохахь, США-с эр дара: ок, дика ду, оха иза а, важа а пачхьалкх къобалйо. Амма жигара иштта идей хьалхатеттар – Америкехь ишта ца хуьлу. Иштта политика, дIахьедар – цхьа а хIума дац. Цхьа республика хьалагIаьттича, Америко цунна цхьа гIортор йийр йара аьлла, суна ца хета. Амма кхузахь хIинца дуьйцург и дац. Со кхетарца, вайн ойланашкахь вайн хетачух дийцарш ду хIорш.

 Оьрсийчоьнан кегийчу къаьмнашлахь Украинерчу тIамца доьзна "деколонизаци" олу тезис йаьржина хIунда йу? Масех шо хьалха цунах лаьцна суна хезна дацара.

–​ Оьрсийчоь тIелетта Украинана, дукха ца Iаш къаьстира, и тIом колонигахьа беш хилар. Украине цхьана колонига санна хьоьжу Оьрсийчоь. Къаьмнашца гергара, амма чIогIа тера ду и колонилан тIамах. Оцу тIамехь толам баккха а беза, Оьрсийчоьнан чоьхьарчу кIошташкарчу нахах дIайуза йезаш йу, Украинех оьрсийн губерний еш, оьрсийн территори.

Цуьнца доьзна Оьрсийчоьнан кхечу регионийн а терго йан буьйлира. Малхбузехь дуккха а историкаша йеххачу заманчохь тергамза йуьтура Оьрсийчоьнан колонилан дух, къаьсттина 1917-чу шо дирзинчул тIаьхьа, коммунисташ Iедале баьхкича, Оьрсийчоьнан империхь даьхначу массо а къаьмнийн бакъонаш цхьаъ хилар дIа а хьедеш. Бакъонаш цхьаъ хилийтархьама цара дуккха а хIума дира.

Амма къаьмнийн билгалонца дискриминаци лелор СССР йолчу хенахь дисира – муьлхха а институташка квоташ йара, иза а массарна а хууш ду. Жуьгташна, масала. Престижан цхьацца йолчу факультеташка билгалдаьккхинчу терхаьал а алсам жуьгтий эца йиш йацара, СССР-н цхьадолчу къамьнашна а къастийна дехкарш дара. Оьрсашна лерина дIалецна йара престиже меттигаш.

Гиганте колонилан импери санна тIеоьцура Оьрсийчоь. Къаьстира, нагахь санна кхечу колонилан империшца иза йустахь, доккхачу декъанна, жуьгтийн, иза чIогIа-чIогIа царех тера хилар. Башхалла йара, хIордал дехьара колонеш дIайохучу меттана, Оьрсийчоьно дира и континентехь. Ша цхьаъ бен йоцу колониалан импери йара иза – тахана и аматаш долуш ду цуьнца.

Цундела Iилманан гонашкахь кхайкхам баьржина, Iилманчашка хIара Оьрсийчоьнан колониалан, кхузаманан Оьрсийчоьнан дух даста, довза аьлла. Оьрсийчоь – тамашен хIума ду, хIунда аьлча, кхечу колониалан имперешка хьаьжча, къаьсттина европахойн, тахана а мехкаш дIалоьцуш тIемаш бо цо. Официалан хьаькамашка ладоьгIча, иза цкъа а цхьанна а тIелетта йац. Цхьа "тамашен" дерриг а шорлора, дахлора. Массарна а шайн лаамехь цунах дIакхета лаьара, оцу кепарниг дуьненахь цкъа а хилла доццушехь.

XIX-чу бIешерийн историкашка вай ладогIахь, цара дуьйцура дозанаш дIалецарх, доккхачу декъанна Къилбаседа Кавказан, чергазий а, кхинболу ламанхой а хIаллакбарх. ХIунда аьлча, XIX-чу бIешерашкахь колониалан тIелетарш могIарера хIума дара Европехь а, дуьненан кхечу меттигашкахь а. 20-чу бIешерашкахь норма хуьлучуьра делира и. Колониалан дIалецар диллина бакъдечу меттана, Оьрсийчоьнан историографино хийцина басарш, кхин альтернативе теореш хьалха а тоьттуш.

Цуьнца проблема йу – и проблема йу, и бакъ цахилар. Малхбузен историкаша тIеийцира и теореш тешарна, бIаьргаш хьаббича санна йухайуьйцура, харц йолу оьрсийн историографин догмаш.

– Мел йиш йу тахана Ламанан республикин историн масалх дийца кху заманарчу Къилбаседа Кавказан регионашна? Нагахь санна, Оьрсийчоьнца цхьаъ хилахь, цунах тера пачхьалкх кхолла йиш хир йуй?

– Суна хетарехь, Ламанан республика хиларан зеделларг талла дезаш ду. Къаьсттина Къилбаседа Кавказехь алсам хаа дезаш ду цунах лаьцна. ХIинццалц схьа школашкахь тIеххула хьахадора цунах лаьцна, йа дийцанне а ца дуьйцу. Iамораш хила деза. 1917-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа хилла мур (Къилбаседа Кавказехь советан Iедал чIагIдар) – цунах лаьцна кIезиг дийцина. Дукхадолу хIуманаш ца дуьйцу, йа харцахьа даьхна. 100 шо сов хан йаьлла, амма хIетте а Оьрсийчоьнан историхь и мур тахана а лазам бу.


Ламанан республикин байракхан цхьа кеп. Мусаясул Халил-Бекан сурт

Суна хетарехь, чергазий чIогIа дуьхьал бу Ламанан республикина, йуха а изза хиларна кхоьру уьш. Къилбаседа Кавказан малхбален декъехь мелхо а дика хета и.

Йоккха цхьа фактор йу, 100 шо хьалха, 17-чу шарахь хиллачух таханалераниг къастош, -и ду Къилбаседа Кавказехь къастийна республикаш вовшахтохар. ХIора къам (дуккха а кеп-кепара къаьмнаш деха Дагестан йоцург), шайн-шайн мохк болуш ду. Шалха республикаш йу, масала, ГIебарта-Балкхаройчоь а, Кхарачой-Чергазийчоь а. 17-гIа шо даллалц йацара къаьстина республикаш. Цундела хIетахь логикехь дара йукъара Ламанан республика кхоллар. Ткъа хIинца Ламанан цхьа республика вовшахтоха хала хир ду, хIунда аьлча, къаьстина мехкаш хиларна. Аса ца боху, и хила йиш йац, амма дуьхьало йу.

Хьан ала йиш йу, Къилбаседа Кавказан федералан гонаш бу, цунна йукъахь йу Адыгей йоцург, йоллу республикаш. Йу, къаьсттина дукха оьрсий шена чохь беха, Ставрополан кIошт а.

Къилбаседа Кавказера республикаш къобалйарх дийца даккхахь, арахьарчу ловзархойн хаттар кхолладала тарло. Иштта ду и: уьш дукха кегий йу, йозуш йоцу пачхьалкхаш хила. Йа шу цхьаьнакхета цхьа йоккха пачхьалкх йеш, йа оха шу тIе ца лоцу аьлла. 500 эзар стаг чохь веха республика пачхьалкх йу аьлла къобалйойла ма дац тхан. Амма хIара суна хетарг ду, сайн ойланца аса дуьйцург.


Кавказан регионан топографин карта

 Оьрсийчоь дIасайоьхна, Къилбаседа Кавказера дIайодахь, буй-те кхерам, и дозанаш Туркойчоьнан, Францин, Ингалсан, Американ йа цхьа кхечун карагIур йу аьлла?

– Къилбаседа Кавказехь дуккха а нах тийшира Оьрсийчоьнан цу пропагандех, цхьаберш чIогIа сатуьйсуш бу Къилбаседа Кавказе бахка бохуш. Хала хеташ делахь а, гIуллакхаш кхин а ледара ду: Къилбаседа Кавказ кхин башха цхьанна а оьшуш йац. Туркойчоьнна оьшуш хила тарло цхьана маьIнехь. Амма Туркойчоьнан шайн а йу дуккха а проблемаш? Иракъ, Шема, курдой. Уьш богIур бац Къилбаседа Кавказ схьайаккха. Америкахойх дерг аьлча, Къилбаседа Кавказана гIолехь долуш дара, нагахь санна, америкахойн экономикан интерес хилча регионца. И бохург ду инвестицеш, кхиар, тоьлла дахар. Цкъачунна америкахойн Кавказехь кхин интерес ца го суна.

И дIагайтархьама, хьажахь, Гуьржийчохь а, Эрмалойчохь а долчуьнга. Тбилисин урамашкахула хьо дIасаволавелча, уггар а хьалха хьуна оьрсийн къамел хеза, ингалсан ца хеза. Цигахь туристаш а бу, америкахойн компанеш а йу, амма йаккхий йац. Тахана Гуьржийчохь долчух къаьстина Къилбаседа Кавказехь кхечу кепара цхьаъ хир ду аьлла, ладоьгIийла йац.

Къилбан Кавказан пачхьалкхаш меттигерчу ловзархойн куьйгакIел нисйеллий? Оьрсийчоьнан ондачу Iаткъаман бухахь йу Эрмалойчоь. Кхечу пачхьалкхашка дехьаволийла цигахь доллушехь, чоьхьара мультивекторан политика лелон хьийза уьш. Оьрсийчоь, боху, Американ а, Европан а куьйгакIел нисйелла. Уьш-м бакххийбийр бара, амма Евробертана ца лаьа Гуьржийчоь йукъайита. Кхин дIоггара прогресс йац. Гуьржийчоь - Гуьржийчоь йу, цигахь ца го кхечу пачхьалкхаша Iаткъам бар. Шен къоман интересаш Iалашйан хьийза Гуьржийчоь, хIунда аьлча, цунна уьш гуш йу. Изза ду Азербайджанехь а.

Къилбаседа Кавказан коьрта Iалашо йу – суверенитет каракхачар, цул тIаьхьа кхечу хIуманийн гIайгIа бар. Маршо кхачайо цхьа билгалдаьхначу декхаршца. Пачхьалкхан а, финансийн а, аппаратан а урхалла дан а хаа деза. И хала ду, цунна хан оьшу, амма аса сагатдийр дацара, арахьара цхьа ловзархой бахкина, цара дерриг а дIалоцур ду, нагахь санна, Оьрсийчоь дIайалахь бохучунна.

Проблема стенца йуй, Оьрсийчоьнан декъехь йисахь, Къилбаседа Кавказ кхечу пачхьалкхел, гонахарчу мехкел а цхьаьна, дуккха а, дуккха а тIаьхьайуьсур хиларца.

***

Подкастехь дийцарединчу хеттарех лаьцна кIорггера кхин а хаа лучарна хьоьху хIара болх: Дзуцати Валерий, "Объяснение отвлекающего внутреннего конфликта: неравенство и коммунитаризм в России" "Глобальный обзор этнополитики" журналехь (Global Review of Ethnopolitics) 2023-чу шеран кхоалгIачу къамелехь.

https://d3oldf2f6kss7f.cloudfront.net/a/bashha-tshjanna-a-ojshush-yats-kilbaseda-kavkaz-interese-yuy-amerikana/32602958.html

СМИ сетевое издание RASHKOSTAN.COM зарегистрировано в Федеральной службе по надзору в сфере связи, информационных технологий и массовых коммуникаций (Роскомнадзор). Свидетельство о регистрации средства массовой информации №35 от 05.11.2017 г. Все имена и события вымышлены, любые совпадения случайны. Вся представленная информация является оценочным суждением, носит исключительно ознакомительный характер и не является руководством или призывом к действию.
О блокировках | Редакция: Email / Telegram | GPG key

Powered by Laravel 11.30.0 (PHP 8.3.13)